ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тезет хIоьттина Темерханов Юсупан кертахь


Tахана Iуьйранна Oмскан кIоштарчу колонера хаам кхаьчна, Буданов Юрий вийна аьлла чувоьллина Темерханов Юсуп набахтин дарбанан хIусамехь кхелхина аьлла. Оцу сингаттаме хаамо арадаьккхина эзарнашкахь адам ду Гелдаганахь Темерханов ваьхначу кертахь хIоьттинчу тезета тIетаттаделла. Маршо Радион ладогIархоша WhatsApp-хула яийтинчу видеош тIехь наха дуьйцу Темерханов Юсуп кхалхар шайна дагахкхетта хиларх лаьцна. Иштта мехкан тезет хIоттаза дукха хан яра Нохчийчохь, бохуш комментареш юьту Гелдаганахь хIоьттина сурт гиначара.

XS
SM
MD
LG